ХIорашеран регионашна юкъара къаьмнийн кхоллараллин «Нохчийн пондар» фестиваль

Кху деношкахь Нохчийн Республикин культурин министерствон Халкъан кхоллараллин туьшо Димаев Iумаран цIарахчу Хьалха-Мартан кIоштан культурин цIийнехь дIаяьхьира ламаст а хилла, дIахIоьттина йолу «Нохчийн пондар» хIорашеран регионашна юкъара фестиваль.

ТIекхуьу кегийрхой къоман культурах хер ца балийтаран а, I. Димаевн мукъамаш бовзийтаран а Iалашонца дIахьош ю иза. ХIора шарахь а санна, луларчу регионашкара хьеший а бара фестивале баьхкина. Ткъа уггаре а лараме хьаша Димаев Iумаран кIентан йоI Димаева Элита яра.

Фестиваль дIайолош I. Димаевн кхоллараллех лаьцна видеоролик гайтира. Цул тIаьхьа вистхилира Хьалха-Мартан кIоштан администрацин куьйгалхо А. Алаудинов а, Халкъан кхоллараллин туьшан директор Р. Даудов а. Ткъа Димаев Iумаран доттагI хиллачу Цегаев Мадас а, Iумара Iамийначу Паскаев Рамзана а шайн сирлачу дагалецамашца хьовсархошна вовзийтира Нохчийн похIме пондарча.

Фестивалан дакъалацархоша I. Димаевс даьхна дуккха а мукъамаш элира. Хьовсархоша боккхачу лаамца, безамца ладуьйгIира цаьрга. Мукъамийн мах хадош, толаман меттигаш билгалъехира жюрин декъашхоша: Нохчийн Республикин а, ГIалгIайчоьнан а халкъан артиста Паскаев Рамзана, Нохчийн Республикин а, ГIалгIайчоьнан а халкъан артиста, жюрин председатела Сагаипов Iумара, Хьалха-Мартан кIоштара пондарчас Цегаев Мадас.

Хьалхара меттиг яьккхира: С. Меликовас (Къилбаседа ХIирийчоь – Алани), шолгIа меттиг – Ф. Кудусовс (Нохчийчоь), кхоалгIа меттиг – А. Ахмедовс (Нохчийчоь).

Фестивалан толамхошна I-ра, II-гIа, III-гIа даржан дипломашца а, кубкашца а совгIаташ дира.

Мехала цхьаьнакхетар дерзош жюрин декъашхоша нохчийн ширачу пондар тIехь I. Димаевн мукъамаш элира.

Хасаханов Ислам

(Visited 4 times, 1 visits today)

Добавить комментарий

Ваш e-mail не будет опубликован. Обязательные поля помечены *